От Татаевой Хурмат

Аза Атагинская
Азман Джабраилова

Хьох ала хаза дош дисний-те, аьлла,
Мел долу дика дош хьох аьлла го!
Г1иллакхах ца юхуш, хазачу озаца
Х1ораннан дог эца хьо ларайо!

Лаьар-кха ц1еначу хьан даге хьаьжжина,
Везачу цу Дала хьо хьоьстийла.
Безачийн гуо стамлущ, дукха хьо ехийла,
Цамгарша ца тосуш ког дахарна.

Хиларх а хьо гена, ца ярх а нанас,
Сан сина гергара йиша хьо ю.
Евзина хьо де а сайн ирсе хеташ,
Еха со. Цу Дала ларйойла хьо!

Хьо евзаш, лоруш йолу Хьурмат Татаева /Эскиева
14.12.2020шо