Акростих от Хьурмат

Аза Атагинская
Акростих от Хьурмат

Амалаш еригге дика хьайн хилла ерг,
Заманан йохаллехь хийца а ца елларг,
Массаьрца г1иллакхе, оьзда чекхйолушъерг,
Аьлла дош даима даге хьан кхочушъерг,
Ненан и йовхо а, ца хедаш, дагца ерг,

Дала хьо ларйойла дуьненан баланех!
Жиманиг, воккханиг цхьатерра лору ахь…
Аз а хьан к1еда ду, дагна а синтем беш,
Безачийн вуо ца гуш, ехийла хьо г1оза!
Рицкъанаш ца хедаш, ехийла дукха хьо,
Ахь боккху х1ора ког беркате хуьлийла,
Ирсо хьан даима ц1ена дог хьостийла,
Лерамца, тешамца безачийн цу гуонехь.
Оганаш дикаллин хьайн цкъа а ца херцаш,
Вуо деъна хьан керта, йоьхна а ца хьийзаш,
Аллах1а хьоьстийла дахаран хьан шераш!

Хьурмат Татаева /Эскиева
2020г/декабрь