Ремисин совг1ат

Аза Атагинская
Азман

Хьо йина де кхечи шен рог1ехь тахна,
Хуьлийла ирс долуш массо а ханна.
Шен буйна хьарчийна дог1учу шаро,
Д1ахьойла даг т1ера хьан бала, г1айг1а.

Ирсен г1улч йоккхуш хуьлийла дахар,
Хьанала куьг кхеттарг  хуьлийла бахам.
Куц кхолург адамехь хазалла ю,
Цул а сов хазаниг г1иллакх а ду.

Хазалла, я г1иллакх леха ца оьшуш,
И ший а карийна, ду хьоьха хьерчаш.
Малхо де къагадеш, батто а буьйса,
Х1ора шо дог1ийла ирс доьхуш хьуна!

Канаева Ремиса
2020г/декабрь