Касаевой Аминат посвящается

Петимат Давдаева
Маьлхан дуьне дитна яхи нена цхьаъ бен йоцу йо1,
Цунах дисна дахар дилхи,кийра хьовзош,тоьхна мохь,
Ма к1езга хан ехна хиллакх ахь,х1ай,жима Аминат,
Ма сихо еш кхечи хьуна, дуьне дуьту т1аьххьара сахьт.

Къайла ели,елхош нана,доьзал буьтуш,хьега хьайх,
Кху дуьненахь самукъдала хун дити ахь нанна хьай?
Хаза куц хьан дели къайла,забар,амал,оьзда сибат,
Аллах Дела орцах вала,берий дегнаш хьостуш цуьрг.

Декъал  хила жима нана, дуьне хеназа дитна йо1,
Еза хьаша йойла Дала,йоьллуш хьуна тоьлла не1,
Декъал  хила нена к1орни,хьо д1аяхи 1овжош дог,
И массарна  хили  чолхе, хьо  хиларна  дика  йо1.