Безаман серло

Аза Атагинская
Кхийдаеш безаман серло,
Дог хьоьстуш, беттаса лепа,
Дийнахь дог деладо малхо,
Ду иза догуш ц1е летта.

Детталуш,схьадала г1ерта.
Безаман йовхо цо етта.
Дуй-те и хьо везарх доьзна.
Совг1ат ду суна хьо вовзар,

Доккхаде кийрара дог сан,
Хилла те со х1инццалц байлахь
Тешаме хеташ хьан хьежар,
Йуьйлу сан ойланаш т1ома

Безаман бала ца хьегна,
Х1инццалц и цкъа ас ца лайна.
Йийсаре сан дог а даьхьна,
Цу чохь ахь безам кхиийна.

Ирсана кхоьллина Дала,
Дуьнент1е ялар дац эрна.
Сан дагчохь безаман зезаг
Кхиадан хьо хилла говза.

Сан синна хьан йовхо эшна,
Хьан б1аьргийн ц1ергахь со яьгна.
Массарел суо ирсе хета,
Хьо цхьаъ ву герга сан дагна.

Когашна к1елхьара латта
Д1адоьду хьо гуча ваьлча.
Безаман серло ю летта,
Хьан ц1е ю сан деган кхерчахь.

Азман Джабраилова