Долчух тоам бина

Аза Атагинская
Ас х1ун лоьху?
Х1унда йу со г1ийла.
Делан лай йу,
долчух тоам бина.
Со йехаш йу
Далла хастам бина,
Мацахлера
г1айг1анех шад бина.

Дагт1ехь бисна
моьнаш 1ийжа буьйлу.
Са а-м туху…
Цхьаболчех цец  йуьйлу.
Сатийссамех
беса г1аларт хилла.
Доцург  дитарх
цхьамма  бехк ма билла.

Шело йог1у…
Йерзахь ц1ехьа, ойла.
Х1унда лела
дайна парг1ат 1ойла.
Барзах уг1уш,
къаххашлахь хьо кхерстарх,
Т1екаре йеш,
Йац хьо цхьамма хьоьстар…

Азман Джабраилова