13. Йинчу денца

Аза Атагинская
Ц1ен басарчу ког 1оьттина,
Писус хаза йоза язди.
Цхьа самукъне сурт диллина,
Йинчу денца хьо декъалйи.

Дикано хьан дог хьостийла.
Дахар беркате хуьлийла.
Делан малик! К1орни хаза,
Дала яхайойла г1оза!

Цу хьан хазчу б1аьргийн серло
Ирсо кхин а нуьре йойла.
Хьо ларйийр ю тхан безамо,
Везчу Дала 1алаш йойла.

Азман Джабраилова