7. Нохчийн берашка

Аза Атагинская
Дешарх, ловзарх беркат хилла,
Дегнаш токхе лаьттийла.
Кху дуьненах шайн цецдийлар
Шуна пайде хуьлийла.

Эзз - эзарнаш хаттарш х1уьттуш,
1илма шуна марзлойла.
Хьехархошца, хьехамчашца
Даккхий хаарш девзийла.

Шаьш нохчий дуй диц а ца деш,
Айде мехкан, къоман сий.
Ненан мотт аш бийца, ларбеш,
Пхенаш  чохь мел уьду ц1ий!

Азман Джабраилова