Хи дистича

Аза Атагинская
Ламанан хи ша дистича
Охьанехьа хьоду сихха.
Цхьа кхераме, вуно ирча
Цу хинан юьхь хуьлуш хилла.

Гонахьара х1аваъ дегош,
Г1уг1 хиэзадо, лерса эт1ош.
Шен ницкъаца лахе огуш,
Чухерцадо лекха бердаш.

Шена дуьхьала нисъелларг
Кагйой, отий,охьатекхош,
Хинан тулг1еш карзахъевлла,
Бухахь буруш дера хьийзош.

Адамашна, акхарошна,
Г1аланашна, я ярташна,
Такхам, я зен ца деш цхьанна,
Хи шен хорше дерзахьара.

Азман Джабраилова