Хьоьца ирс дехна ас

Аза Атагинская
1або сайн кийрара хьогалла
Шовдан хи ца тоьа шал-шийла.
Бовхачу безамо билггала
Кхоччуш со синтемах яьккхина.

Дашо сиз жовх1аршца кхелина,
Тийначу стигалан лекхаллехь
Хьан ц1е ас б1аьргашца язйина,
Хьуна и йоза гуш дарий-те.

Зарзаре  къайле ас ялхийча,
Шен озах сан дешнаш дуьйцина.
Зевне аз корехь цо декийча,
Сан кост ду эшаршца далхийнарг.

Дуккхаза ойланаш хьох йина,
Безамца къайлах хьох б1аьрг бетташ.
Хилахьа тидаме цхьажимма,
Аз доцуш бетта мохь д1ахезаш.

Геналлехь гуо туьйсуш хьо лелахь,
Кхоьру вай галморзах довларна.
Суна ирс доьг1нехь кху дуьненахь,
Хьоьца и вайн Деле ас дехна.
 
Азман Джабраилова