Т1о-берам, к1алд-даьтта

Аза Атагинская
Баккхийчара даим хьахош хезна
Сийна хох, т1уо-берам, бовха хьокхам.
Муьлха даар хир ду кхочуш цаьрга?
Бертахь яахь, ша-башха бу чам а.

Кхин а мерза даар ду к1алд-даьтта.
Цуьнца можа ахьарх йина сискал.
Бу и кхача могшаллина аьхна,
Жима цуьрг а шех буха ца йиттал.

Азман Джабраилова