Нохчийн кхача

Аза Атагинская
Дайн кхачанаш безаш ларбо наха,
Ткъа зударшна лело, кечбан хаьа.
Кхачанан ламасташ лардан дезар
Берахь дуьйна йо1 шен ненах 1ема.

Къоман т1амарх боьлла нохчийн кхача.
Са дузош бу, шех тоам беш дагна.
Мулхха юьрта хьошалг1а хьо кхачахь,
Нохчийн кхача буьллу хьуна хьалхха.

Азман Джабраилова