37. Жима к1еза

Аза Атагинская
Ринжехула керта деъна
Доладели, ц1ийзаш, делха,
Буьрка санна горга, хаза
Ненах хаьдда жима к1еза.

Гарранехь и дегадора,
Шелделлера, меца дара.
Лечас яьшкех бен а бина,
Шура яош, и дузийна.

И-ду ч1ог1а харацахьара.
Дала доллу, лууш ловза.
Амма к1анта  дина омра
Кхочушдан сихло-кха к1еза.

К1езиг ханна б1аьрг тилбелча,
Ядош, д1алачкъайо мача.
Ийзош, юьхку кегий цергаш,
Цоьстуш, эт1ош, йоху эрча.

Г1адвахана хьийза Леча,
Лууш к1еза кхио, кхаба.
Олу цо: - Кара1амийча,
Талла дуьгур ду и Дадас.

Азман Джабраилова