Йохийна сан г1ала

Аза Атагинская
/мух1ажаран йиш/

Вайн дай баьхна латта
Морцуш, даьккхи ч1ана.
Ярташ охьааьтта,
Йохий Соьлжа- г1ала.

Зоьртал хилла г1ишлош
1охку, хилла саьлнаш.
Хьуна йина г1ело
Дегнаш чу ца тарло.

Кхин юха ца г1атто
Йожийна ю, бохуш,
Дуьненна шайн харцо
Дозаллийца кхайкхош…

Ярий хьо-м т1ех езна,
Синош хьоьца доьзна.
Дог хьоьстуш хазалло,
Ахьа-м тхо кхиийна.

Х1ай дуьненийн Эла,
Сийлахь Воккха Дела!
Тхан мохк 1алаш бехьа,
Харцо эккхаехьа!

А. Джабраилова
2000 шо /мух1ажар*  йолуш/
_______
Мух1ажар – махках ваьлларг  /беженец/