Ламчохь дохку керла некъаш

Аза Атагинская
Ломал дехьа кхин цхьа шера аре,
Ирхел дехьа кхин а лекха ирхе…
Кхийдаш халла хаалучу лоре,
Дог1а досту мехкан х1ора метте.

Дехха лаьтти нохчийн ага байлахь.
Вертолётахь бен кхин ван некъ боцуш.
Некъ бан безаш халла г1аш,  я говрахь,
Некъийн парг1ато кху ломахь йоцуш.

Нуьцкъала бу некъаш дохку г1ирсаш.
Т1улгийн тархех  туьйсуш ира к1омсарш,
Цоьстуш 1аннийн бердаш, даккъаш, аьрцнаш,
Охку, чуоьхуьйтуш аьчкан цергаш.

Мокхазан берд эккхарш дина бохош,
Лаьхьа санна некъаш лаьмнех хьерчош,
Вовшех йазош шира йарташ, к1отарш,
Бог1у ирхе карайерзо хьегнарш.

Маша санна вовшех доьзна некъаш,
Билгалйаьхна церан 1алашонаш.
Силам дуьллуш д1ах1иттор ду некъаш.
Парг1ат керчар ю машенийн чкъургаш.

Къонахий бу ломахь некъаш дохкуш,
Халонашна хьалхха къарлур боцуш.
Лаьмнаша шайн къайле царна йосту.
Майра дог дерш лаьмнаша а лору.

Азман Джабраилова


В Чеченской Республике по поручению, и при
поддержке главы республики идёт строительство
новых горных дорог в самые отдалённые,
труднодоступные уголки республики.

Здесь героически трудятся смелые работяги,
которые не отступают перед непреодолимыми трудностями,
сложными погодными условиями, перед бытовыми неудобствами.

Им я посвящаю эти строки.
Хвала и честь этим стойким и смелым людям.