Хала ду къаста

Аза Атагинская
Йог1ура хьо ган хийисте.
Ма генахь йиси и суьйре.
Чекхдели безаман туьйра.
Херйели вайн дегнийн уьйраш.

Ма хетта со муха еха.
Ма кхийсса кхи сан дог ц1ерга.
Безаман ц1е марса яха
Юх-юха хьо эрна г1ерта.

Ма леха вистхила бахьна,
Диталахь сан некъаш маьрша.
Дог 1ехо дешнаш ма хержа.
Сан б1аьргийн суйнаш ма леца .

Ца хуьлу б1аьрхишца суйнаш.
Чохь йисча г1айг1ане хьаьркаш.
Де ду соьхь б1архиш ца гайта,
Уьш дог1ан т1адамех иэда.

Маржа я1, дагт1ера лазам.
Хала дай везначух къаста...
Мажделла г1а доьжна бешахь,
Г1ашца сан са догу ц1ергахь…

Азман Джабраилова

Спасибо автору картинки