Виситаева Тумани лоруш

Аза Атагинская
Дика ду-кх хьо евзаш
Гергара хьо хеташ,
Хьан байташ йовза а,
Еша а йиш йолуш.
Хазаниг дийца а,
Диканиг хьахадан,
Ма барра мотт бийца
Дунент1ехь хьо йолуш!