Денильханова Тамара лоруш

Аза Атагинская
Директор ГБУК "ЧГФ им. А.Шахбулатова"
Денильханова Тамара Султановна
йинчу денца декъалйеш



Деригге 1алам а хьо йинчу дийнахь
Ховхачу б1аьстенца шун керта деъна.
Дог делош  ден, ненан, башха де хилла,
Беркате йо1 Дала хьан Нанна елла.

Лекхалле айъина къоман культура
Паччахьна накъост а хилла, къа хьегна.
Г1иллакхе, эхь лардеш, оьзда Тамара
Балха т1ехь тхан ларам даим беш, еха.

Йоккхаеш хьайн дахарх, ехийла г1оза.
Д1атиларх хьан шераш, хьо къона гойла.
Лаьттийла йиш-ваша, доьзал а мерза.
Махкана оьшу Йо1, хьо декъал йойла!

Азман Джабраилова