Органан тог1е

Аза Атагинская
Тхан юьрта уллохь д1а доьдура Орга,
Ас хийла ведаршца ц1а кхехьна хи.
Базбелла бала балхийча, йортахь
Шен букът1ехь тулг1ено д1ахьора и.

Ткъа х1инца х1ора х1усамехь хьаьъна,
Ду шийла, довха охьадог1уш хи.
Со йог1у, Орга, хьан тог1е ган лиъна,
Канашкахь лаца хьан дарбане хи.

Вайн х1етахьлера гергарло ч1аг1ло
Чехкачу тулг1енийн болар схьагуш.
Сайн Даймохк санна диеза хьо, Орга,
Дукха ду халкъан хьан хих ала дош.

Азман Джабраилова