17. Сан Нана

Аза Атагинская
1.1уьйренца со самаяьлча
Сирла басарш кечдийр ду.
Уггаре хазачу Нанна
Зезегийн сурт дуьллур ду.

Дуьнент1ехь уггаре ховха,
Сан Нана, хьан куьйгаш ду.
Маьлхан з1аьнарш санна довха
Хьан къамел дог хьостуш ду.

Т1аьхьара алар:

Сан Нана, хьан б1аьргийн серло
Сан кхоллам къагабеш ю.
Ас йина сайн дагца ч1аг1о-
Хьо ирсе ян хьожур ю.

2.Сан Нана, къинт1ера ялий
Сан са парг1ат даккхахьа.
К1еда мерза хьайн дош алий,
Уггаре хьомениг сан.

Хьо ларар т1едуьллу Дала,
Хастам бо хиларна хьо.
Баркалла хуьлийла, Нана,
Дог хьоьстуш кхиорна тхо.

Т1аьхьара алар:

Сан Нана, хьан б1аьргийн серло
Сан кхоллам къагабеш ю.
Ас йина сайн дагца ч1аг1о-
Хьо ирсе ян хьожур ю.

Азман Джабраилова