Хийцамийн болар

Аза Атагинская
Юкъ-юкъахь сийна, сирла го стигал.
Язъелла, макхйели  бос хуьйцуш, марха.
Геннара хаалуш хийцамийн болар,
Хьун лаьтта йовхоне даьхна дог дайна.

Дог1анийн, дахкаран пардонна т1ехьа,
Йог1учу хьешах бехк лоьцу, малх лечкъош.
Саг1ане дехкина г1аш тохку ц1ерга,
Аьхке чекхъяларах шеконаш ягош.

Стигалан куьзганчу хьоьжуш, хьун техка,
- Товш хир дуй-те шегахь можа г1а,- хоьттуш.
Меттаххье зезаг а, 1аьткъича цхьалла,
Ца йог1у бумбари т1емийн «зуз» дахьаш.

1аламан баьццара бос г1оли хеташ,
Б1аьсте т1екхачаре даго сатуьссу.
Ткъа х1инца-м, седарчийн серло д1айойъуш,
Ма хуьллу гуьйрено  дог1анаш хьоьрсу.

Азман Джабраилова