Даймахка боьду некъ

Аза Атагинская
Даймахка боьду некъ

Сибрехахь со йина алар бен,
Кхин хало сайна ца гинашшехь,
Ца лало,  ца лало сан даге...
Дог-ойла хьерча цу халонех.

Нохчийчоь, чиллан бутт т1ебеъча
Иэс г1отту ц1ерпоштан вагонехь.
Ц1ий 1енаш, деригге къомо сан,
Лайначу, 1аьвшинчу баланех.

Шовзткъе вуьрх1ийталг1а шо дара
Дас, нанас Нохчийчу некъ бинарг.
Со- беран эг1аза синк1орге
Хьалйуззал б1аьрахиш ледара

Юх-юха, сагатдеш, г1айг1анца
Некъахойн ойланаш кхерстара,
Ц1ерпоштал а хьалхайаларца
Шайн юьрта, ков-керта х1уьттура.

«Хаац-кха, д1акхаьчча х1ун  хир ду,
Вайн бенаш лаьтташ ду, йа дац а.
Йа кхечу къоман нах бехаш бу,
Вай керта дуьтур ду, йа дац а?

Вайн лаьмнаш лаьттий те ца херцаш,
Б1аьвнаш а тхевнаш чу ца эгаш?
Кешнашкахь баьрзнаш чукхеттий те,
Дисний те т1е х1отта зиераташ?»

Берашна-м бара и некъ беха.
Баккхийчийн б1аьргашчохь суй гора.
Шаьш кхойтта шарахь сатийсина
Некъ царна-м беха ца хетара.

Азман Джабраилова