Сан юрт

Аза Атагинская
Стигал го сенъелла,
Малх кхетта къегина,
Даймахках йоккхаеш со йехаш ю.
Б1аьстено даьстина
Заза хьох хьаьрчина,
Хьоме йурт, синбаьрччехь хьо цхьаь сан ю!

Цхьа мерза х1аваъ ду
Мел диеза саде1а,
Атаг1а, хьол хаза кхин х1ун хир ду.
1алам ду кечделла,
Бошмаш йу сенйелла.
Сан йурт, хьо Аллах1ан цхьа ни1мат ду.

Муьйлуш хьан хазалла,
Т1ам бетташ лекхаллехь,
Олхазарш эшаршка девлла гуш ду.
Б1аьстенан чам тайна,
Чахкалла лаг1йина
Чкъург йетташ, д1ауьдуш Орга а ду.

Даймехкан йартех цхьаъ,
Хьо хилар - дагна кхаъ,
Синбаьрччехь аса хьо д1атарйина.
Хьоь болу сайн безам
Эшаре берзийна,
Сайн деган йовхо ас хьоь кховдийна

Азман Джабраилова
/псевдоним Аза Атагинская/