Сан даго къастийна

Аза Атагинская
1уьйревца малх г1оттуш дог ловзу полланех,
Самукъа долу сан хьо вайча урамехь.
Вайн дегнаш цхьаъ хилла хьийзаш ду х1аваэхь.
Кийрара дог дашо хьо велла дахарехь.

Сан деган къайленийн теш х1уьтту сан кхоллам.
Сил дукха везарна хьох до ас дозалла.
Дахаран еригге синмарзо ю хьоьца,
Яйъахьа, хьомениг, сан деган хьогалла.

Безаман шорте ю йист йоцу х1орд санна.
Сирлачу шовданал сан безам бу ц1ена.
Хаалахь, безамца хьох хьерча сан ойла,
Со ц1арах йогийла хьан б1аьргийн суйнашлахь.

Б1аьргашца стиглахь ас вайн ц1ераш язйина,
Кхолламе до1анехь ирс дехна вайшинна.
Къонахчун амалаш сан дагца д1аийна.
Сан деган турпалхо, хьо даго къастийна.

Азман Джабраилова