Адмалла

Аза Атагинская
Адмаллин динара къонах ца вуссу,
лардо и. Шегара дожарна кхоьруш.
Г1иллакхе воцучух къонах ца хуьлу,
Ишттаниг сийлаллин дарже ца кхочу.

Хьал-бахам гулбинарг вехаш вац хьуна.
Сонталла йу хьуна бахамна вацар.
Хаалахь, дуккха а мехала дуйла,
Сийлахь дуй деллачух тоам беш вахар,

Хьекъалчин коьртехь йу ахкаме ойла,
Пайдехь дерг лоьху цо, г1алат ца вала.
Воккхавеш ма хила кхечух ант далахь.
Хууш дац хьаьнга х1ун кхочур ду кхана.

Бохь лекха лам баккхар санна ду дахар.
Вай цигахь йуьту лар хаац мел йехар.
Диканиг довр ду вайн, беза мохь хилла,
Йиш йоцуш делахь и адмашца декъа.

Азман Джабраилова
2019 шо