28. Мехкан 1алам

Аза Атагинская
Бецан хелигна т1ехиъна,
Зазан дургалх къурд а бина,
Малхо хьоьстуш, делан котам 1а.
Орцан дукъ т1ехула текхна,
Стигал макхйеш, малх хьулбина,
Елха х1оьтти 1аьржа марха ша.

К1еза бун чу лечкъи сихха,
Б1аьргаш къерзош ара хьаьжна,
Ц1ийзаш, реза доций хаийти,
Мерт1е дог1ан т1адам боьжча,
Цицган к1орни кхераделла
Дедда бабин уча д1алечкъи.

1аьмнаш даржош, латта т1адий,
Шен болх бина дог1а дели,
Мархаш юккъехула къеги малх.
Жил1аламо дегнаш хьаьсти,
Берийн яххьаш екхаели,
Даккхийдеш вайн мехкан 1аламах.

Бераш кхуьуш, Наной боьлуш,
Деле кхайкхар къобал хуьлуш,
Вайна беркате ирс Цо лойла.
Х1ора дийнахь кхин а хазлуш,
Стигла екхаш, дахар толуш,
Даймохк Везчу Дала ларбойла.


Азман Джабраилова