Делла дитт

Аза Атагинская
Урамаш хаздина лаьттина,
Адмашна 1индаг1аш латтийна,
Чевнаша цистина г1ад х1инца,
Ласто г1а доцуш, дитт д1атийна...

Берзалойн арданго каетташ,
Эт1ийча санна ю кевстиг а.
Дахаран-1ожаллин къийсамаш
1аламна т1ех1итти дуккха а...

Дитт дийна кху т1еман къизалло,
Г1ад хадош, бомбанан гериго.
Кхагаран хьожа чуийзаро
1арждина... Латтадо орамо.

Адамийн лазамаш, баланаш
Т1ех дукха гин, даьгна д1адаллал.
Йог1учу б1аьстено г1ад дендахь
Ган там бу гаьннаш т1ехь олхазарш...

Азман Джабраилова