Вай маца гинера

Аза Атагинская
Вай маца гинера т1аьххьара?
Ца дуьту иэсо и дицдала.
Ма дага доуьйту дог1ано
Хин лешар х1етахь сан б1аьргара...

Стиглара к1удалаш 1ена-те,
Чухчарин г1овг1анах ийна-те
Сан лерехь санна "зовв" лаьттий-те,
Оьгучу т1адамийн тата а?

Вицвелла ца хилла суна-м хьо...
Схьагарехь, бен воцуш вац хьо а.
Дара-те дог 1ехо, я делхо
Дагахь а доцуш гар суна хьо...

Азман Джабраилова