Велара хьо ганза

Аза Атагинская
Муьлхачу дитте ахь дийхи
Дег1ана тайна куц, хаза.
Муьлхачу стоьмийн мутт мийли,
Ц1ийина, хьайн беснеш хазъян.

Олхазарш эшаршка девлла,
Лекхалле шайн аьзнаш хецна.
Муьлхачу озах ду тера
Эсала хьан аз схьаэцна.

Седанел хьан нуьре б1аьргаш
Хетало сов кура къегаш.
Велара  хьо б1аьрга ганза,
Йийсаре дин, йо1, ахь сан са.

Азман  Джабраилова