Деган эла

Аза Атагинская
Маьлхан дуьне суна ахь къагийна.
Хьежаман миноташ еха хилла.
1уьйре, суьйре хьан ц1аро хазйина.
Хьомениг, ахь дагна къола дина.

Ас т1еэцна ахь кховдийна безам.
Башха мукъам цо сан дагна хьехна.
Сан аз доьду хьоьга кхойкхуш генна.
Ду сан дуьне-дахар хьоьца доьзна.

Де д1адолу хьо гаре сатесна.
Буьйса йоьду лууш дагардийца.
Безамо вайн дегнашка тай тесна.
Дог ахь даьхьна юха ца дерзийта.

Хьан ц1е дагчохь ас лекхалле кхачий.
Кхолламо дог дохдеш шен нур къагий.
Оццул ч1ог1а суна везна хилча,
Бехк буй «деган эла» ас хьох аьлча.

Азман Джабраилова