Суна гина

Аза Атагинская
Суна-м гина ирча хенаш,
Вовшех тешам байна леларш.
Шен доцу хьакъ шена магош,
И къевсинарг вуьйш, я вадош.

Алсам яьлча шен сонталла,
Доьзална ша ямартваьлла.
Ваьккхи миска Да нахала,
Елха юьтуш йиша, Нана.

1ехалуш верг 1ехавина,
Ц1ийнах-ц1арах воккхуш вигна.
Ц1ехьа боьду некъ бихкина,
Я барз боцуш вайъи, вийна.

Къайллах лерехь хаза дуьйцуш,
Буйнахь, киснахь шайнаш оьхьуш,
Къона чкъор ду х1аллак хуьлуш,
Кхайкхарх дала орца доцуш...
2000 шо