Нохчийчохь къиза т1ом баржий,
Кхоъмаза адмийн ц1ий 1аний.
Буо- берийн гуо алсам баьккхи,
За1апхойн мог1анаш стамби.
Шайх бекхам бар доьхуш Деле
Заь1апхойн моьнаш ду хьег1аш,
Г1айг1ано б1арзйинчу Нене
Х1ун эр ду-те аш сатедеш?
Т1ом бахьанехь дарже х1уьттуш,
Ямартло шайн дегнех хьерчош,
Ма дебба-кха и яхь йоцурш,
Бакъо-харцо бен а доцуш…
Ца дебадо халкъаш т1амо.
Къонахий х1аллакбо т1амо
1999 шо