Къинош хьерчадо

Аза Атагинская
Шайн когех хьерчачу харцонийн
Мохь вуно базбарх ца кхийринарш,
Шаьш боле йиллина Нохчийчоь
Де дохош, и цеста х1иттинарш.

Нехан рицкъ эвххьаза ка етташ,
Хьанал деш, шайна магийтинарш,
Эхартан баланах ца кхоьруш
Юх- юха хьерчадо шайх къинош.
……..пс
1998шо