Дийцийша...

Аза Атагинская
Инзаре х1уманаш схьахиэза денна,
Цхьа хьенех вадийна, д1огахь цхьаъ вийна…
Йо Дела, кхоьру бер арадалийта.
Дийцийша, х1ай нохчий, х1ун хилла вайна?

Юха а зударийн, берийн ц1ийх хьакхош
Даа аш лерина да велла дисарг?
1999 шо