Товжа дитац герзо...

Аза Атагинская
Бер а товжа дитац герзо,
Къахьдина шен юьртахь дахар.
Аьхна вижар, маьрша г1аттар
Шен х1усамехь доцуш парг1ат.

Массо нанойн кайохийна,
Меттиг боцуш доьзал лачкъо.
Бераш 1ожаллех довдийна
Махках бевли хийла наной.

Т1ом бан ара ваьллачунна
Бен ма даций бер, я воккха.
Х1ун жоп дала деза нанас
Беро дечу цу хаттаршна?

Азман Джабраилова
1995 шо