Нохчийчоь, со хьайн ю алахьа

Аза Атагинская
Геналлехь хан яккха дезарна
Сатийсар к1аргделла, г1елйелла,
Хьуо езаш догучу сан дагна
Хьаам бай, со хьайн ю алахьа.

Хьоьца бен кхин дахар ца дезна,
Дог хьастий, со мара къовлахьа.
Хьо хасто ас вовшах тийсина
Сан дешнаш ахь саг1а ларахьа.

Яллал бен са доцу хьох ялахь,
Доьху хьоь товжийта хьайн марахь
Хьай маьлхан нур дагт1е хьарсахьа,
Нохчийчоь, хьайн йо1 сох алахьа.

Азман Джабраилова