Ма ирсе хир яра

Аза Атагинская
Синк1оргехь ас са ма тийссара,
Халонаш эшийна, хаэбелча,
Лайначу баланех хербелла,
Дуьнено сий ойъуш юьхьк1амца
Хьан кхане тойелча, Даймохк сан,
Ма ирсе хир йара т1аккха со.

Ойланехь  ас са ма тийссара
Кхуьучу берашна марзбина,
Массо дош дас, нанас нисдина,
Ненан мотт вайн х1ора доьзалехь
Схьахезча шовданан мукъамехь,
Ма ирсе хир йара йаллалц со.

Азман Джабраилова