Зезаг

Аза Атагинская
Малхо ша хьастахь з1енарца,
Зезаган б1аьрг х1утту бела.
Дахар ду-кхий цуьнан доца,
Дуьнене кхиъал б1аьрг тоха.

Хазалла дуьненна гойтуш,
Там бо цо, б1аьраса хьостуш.
Ша кхуьъчу меттигехь яржош.
Х1айбате хьожа, ца кхоош.

1аламан жовх1ар шех хилла,
Бацалахь и башха  лепа,
Дог шовкъе даьллачу к1анта
Зезагийн курс ели йо1на.

Азман Джабраилова