Йочана

Аза Атагинская
Маьлхан де соцанг1а йина кхоьли,
Йочанан лаам жим- жимма туьйли.
1аламо сихонца шен сурт хийци.
Т1уьна мархаш охьаохкаели.

Т1еда хьоза коьллаш юккъе лечкъи,
Тховсенна аз доьхна йиш а йиси.
1аьмнийн куьзганахь шен амат дайча
Мокха стигал ах1и-декъе йирзи.

Кор къевлича, дегабаъме довхо
Х1отти синхьийзаме г1ам-г1им хиэзо.
Хено х1оттам д1аса листарх боьлла
Мох, дог1ане дагардуьйцуш, ц1ийза.

Азман Джабраилова