Плагиат

Аза Атагинская
С. Дакаев

Дин буьгуш ца лаьцна,
Ца лаьцна к1ари чу ваьлла -
Къоладеш къу лаьцна,
Байташца зорбане ваьлла.
Цо ойла лачкъийна,
Кхечуьнан синлазам биъна;
Цо байташ лачкъийна,
Кхечуьнан даг т1ера кхиъна.
Лачкъийна, батто шен
Садогу седарчий кхуьйсуш,
Кхечуьнца левзина
Юкъал т1ехъиккхина буьйса.
Хазаллех даьгначу
Ма кхоам бара-кха церан!
Цо лечкъош кхехьначу
Зезагийн бос баьхьна т1иэра.
Лечкъаргех левзина,
Байташца эвхьаза ваьлла,
Плагиат вевзина,
Зорбанан аг1оне ваьлла.
Етт буьгуш ца лаьцна,
Ца лаьцна корах чуваьлла -
Къоладеш, къу лаьцна,
Авторан дагах чуваьлла