Кехаташ къарздархой...

Аза Атагинская
С. Докаев

Йозанан бакъонаш
Къиношлахь шелйина,
Маь1ница сакъуьйлуш,
Чулацам г1елбина,
Певттина тахана
Поэташ, яздархой -
Шекъанан чорпица
Кехаташ къарздархой.
Ца оыпу бала бу
Сий даккха т1елаьцнарг,
Ца оыпу г1айг1а ю
Ял яккха салаьцнарг.
Хорамо сакъуьйлу,
Дош лелха дарделла,
Дуьненах чам буьйлу,
Дог доьлху къарделла...
Берзина баьккхина,
Юьхь1аьржа х1оттийна,
Дош ц1арматдаьккхина,
Мотт акха г1аттийна,
Кхардамийн бала бу
Сий даккха т1елаьцнарг,
Харцамийн г1ала ю
Ял яккха салаьцнарг.
Ойланийн тулг1енаш
Хьаьрк къовла ца х1уттуш,
Даймохк бу хьийзошберг,
Даг чуьра луьстуш дац
Безамах дестош дерг.
Чемхалган мах боцурш
Къонахех тарбина,
' Хьестамийн чот йоцуш,
Йозане шарбина.
Ца дог1у 1илма ду
Бодашлахь лехьошдерг,
Ца девза дахар ду
Юамдина хьехошдерг;
Давала! Дависа!
Поэташ, яздархой -
Шекъанан чорпица
Кехаташ къарздархой.