Ц1аьхьанна къандели сан дахар В одночасье судьба п

Роза Дахаева
 Ц1аьхьанна къандели сан дахар,нана


Ц1еххьана къандели сан дахар, нана,
Т1емаш а г1елдели хьох къаьстичхьана.
Дуьне  кхоьлина го кху хазчу  дийнахь,
Ца  хилла  малх дашо, хьо  хилла  сирла.
 
Хьан куьйган йовхоно хиллера  латтош
Сан даг чохь безам а, сан сица васташ,
Б1озза а тоьшала да безамах лаьцна,
Елара хьох,сан синан са, ца езаш къаста…
 
Амма цу эхартахь, вайн Везачу Дала
Хир ю хьо къастийна. Ахь лайна бала.

Оьздачу вастаца, эсалчу дагца,
Къинхетам  болчу цу Делан лаамца
Ялсаманан бошмашкахь йойла хьо  хьаша,
До1анца хьо йоьхуш,лаьтта  дог маьрша.
 
 (В одночасье судьба постарела)
В одночасье судьба постарела,
Когда мама моя умерла.
Постарела, похолодела,
Ведь она моим солнцем была...
И рассвет, и моя улыбка,
Все куда-то, как в пропасть ушло..
Да,в природе души все зыбко,
А при наночке было тепло...
(наночка- мамочка)
Роза Дахаева  2018