Баганан дитт

Аза Атагинская
Цхьа куьце дитт лаьтта, г1ад нийса,
Шен сийна бохь стигла кховдийна.
Ковст ч1ижах хетало къегина,
Д1о, боьххьехь гаьннаш го хьирчина.

Йис къиега жовх1арийн буьртигех,
1а хьерча, г1ад шелдеш, баганах.
Шек доцуш дечкан г1ад дат1орах
Кхерч белла тарсална харин чохь.

Шен духар ца хуьйцу 1ай-аьхка,
Куц тайна дукханнийн б1аьргашна.
Бохь техка б1аьстене сатесна,
Нуй хьоькхуш, малх лоьху мархашлахь.

Се ларбахь кхуьу хьун баганан.
И хьаннаш хазна ю вайн мехкан.
Хьун кхиош бертахь вай къахьегахь,
Дог тиеша, мохк хир бу вайн сийлахь!

Азман Джабраилова

Спасибо автору фото.