Ца идда

Аза Атагинская
Ца лелла со ойла тилла.
Ца дитна юххе ас х1илла.
Даима ас лаьрра г1иллакх,
Халонех цкъа а ца идда.

Ма хуьллу ларйина уьйраш.
Хьаг1, гамо ца езна дагна.
Бина схьаделлачух т1алам,
Кхерра ца ларбарах барам.

Азман Джабраилова