Ахь х1ун лоьху

Аза Атагинская
Цкъа дог т1ома доху,
Воьдий гена волу.
Цкъа к1оршаме хьоьжу,
Ткъа кхечунна-м воьлу.

Мотт марг1ала лебеш
Соьга хаза дуьйцу.
Хуъушехь юй 1ехош,
Со-м къит1ера юьйлу.

Цхьа вуо-дика деъча
Соьга орца доьху.
Соь хьайн ачо яцахь
Дийцахь, ахь х1ун лоьху.

Азман Джабраилова