27. Даймехкан 1уьйре

Аза Атагинская
Бецан хелхар тайна хьийза полла,
Зезагашца дезна гергарло.
Ткъа уьш дуьхьал доьлу декхаделла,
1уьйренан тхи жаз т1ехь лепадо.

Дитташ юккъехь мукъамийн зов хиеза.
Самадевлла бенахь олхазарш.
Мехкан аз ду тамехь хьоьстуш лерса.
Декъалйо ас мехкан 1уьйренаш.

1аламан башхаллех дог цецдуьйлуш
Са ду мелчу х1онехь даьржина.
Нохчичоь, хьо денна серлайуьйлуш
Цкъа а сий довр доцуш ехийла.

Азман Джабраилова