4. Нохчийчохь

Аза Атагинская
Дикачух бен йоцуш г1айг1а
Дебийла ирс х1усмашкахь.
Машаран малх д1а ма байла
Маьршачу сан Нохчийчохь!

Мух-мухха а диънехь дуьне
Лур ду ша шен дахарх жоп.
Дин къевсинчохь ма керчийла
Лебахь 1есачо шен мотт.

Цхьаннан карах ма йолийла
1ожаллина йулуш топ.
Беттара шаьлта ма йоккхийла
Цхьаьннан дагах хилла г1акх.

Дела везаш, динах воьзна
Х1ора ден кхуьийла Во1.
Герз схьаэцна т1аме х1отта
Ма дезийла нохчийн Йо1.

Азман Джабраилова.