Вицвина хир вара

Аза Атагинская
Аса-м хьо вицвина хир вара тоххара,
Г1енаша карла хьо ца вахахьара.
Ган хьегна б1аьргаш а хьо вайча геннара,
Хих бузий гуьйренах ца тарлахьара...