Цхьа хан яра...

Аза Атагинская
Маржа- я1, ма сиха йоьдуш
Хилла, зама хьо.
Цхьа хан яра вог1у ларвеш,
Хит1е кхойкхуш соь.
Ткъа х1инца-м сан коре хьиежа
Бен ца дог1у дог.
Кхин ца ларйо ас суьйренаш,
Ловза дуьйлуш дог.

Т1ехтили вайн чолхе дахар,
Хийла хало лайн.
Хилларш, лайнарш  диси  генахь,
Кхии доьзал вайн.
Хьоьх диси хьо лелла некъаш,
Соьх- лардина ков.
Вог1у таь1на, 1аса луьйзуш,
Ас и хала лов.

Жималла, дог дилли хьох! Кхин
Йоьллур яц не1 хьайн.
Уьйт1ахь- кет1ахь дисна х1инца,
Г1орасиз я1 вай!
Хьаша вог1у, дог а оьций
Воьду синтем бой,
Бийр бац юха дахаран некъ,
Цуьнаъ шен хан яй.

Вовшашна къинхетам Деле
Боьху до1анехь.
Кхолламо  цхьаъ вигна  халххе,
Кхоьру ша висарх,
Къаной беха, беш хьехамаш,
Уьйраш ларйеш шайн.
Д1аяхна хан безам хеташ,
Кхане- м Делехь яй!

Азман Джабраилова