Орга

Аза Атагинская
Орга доьду буса, дийнахь г1ерг1аш.
Кегий, даккхий т1улгаш, ханнаш керчош.
Шеца могшаллина дарба дахьаш,
Беркате хиш адамашка кхийдош.

Дог1анаша 1овраш хоьций, дестош,
Бердех леташ, уьш оьг1азе херцош.
Ломахь буьрса, аренашкахь к1еда,
Б1ешерашкахь шен амалх ца хеда.

Цу хийистехь хийла безам балхий.
Хийла к1анта йо1е дагара дийци.
Хие такхийна хен шайн керта баьхьна
Кхерчахь багош, массне доьзал бохби.

Орган амалераниг дац лолла,
Къар ца до хи цкъа а 1аьнан шано.
Дала вовшахтесна Кавказ-Орга.
Цхьана уьш кхоллина хила тарло.

Азман Джабраилова